Муниципальное бюджетное общеобразовательное учреждение "Средняя общеобразовательная школа №6 им. Х. А. Мамакаева с. Ачхой-Мартан"

8(928) 785-70-90
sosh6achhoimartan@mail.ru
1 смена 8:00-13:05
2 смена 13:30-18:35
 
 
 
 
 
 
 

Нохчийн мотт

 Материалы на чеченском языке

 

 

 

 

 

 

 

"Мотт ширлуш бац, ца бийцаро ширбеш бу"-

                                                                              Кадыров Р.А.

Нохчийн мотт - нохчийчоьнан коьрта мотт бу, иштта Суьлий махкахь литературны меттанешах цхьаъ бу. Г1алг1айчохь, Гуьжийчохь буьйцуш бу. Дуккха 1илмахоша, меттанаш таллархоша дуьнен т1ех уггаре шира мотт бу аьлла билгалла баьккхина бу. Нохчийн, Европан, Азийн 1илмахой шай дийцарехь ч1аг1 деш бу, Нохчийн мотт Нохь (а.с.в.) пайхмара бийцина мотт хилар. Нохчийн мотт шен чохь ц1ен 45 яздаран йоза долуш бу. Хьалха заман чохь Нохчийн мотт шен яздаран йоза долуш хилла мотт бу. Нохчийн маттахь х1ора к1ирнахь ара хоьцуш ду "Даймохк" олуш газета, Хасуй-Аьвлан к1оштехь (Дагестанехь) "Нийсо" олуш газета ду.                       

 Нохчийн фольклор Скачать

 Цхьаммо ца къуьйсуш, дахаран бакъдерг ду, шен мотт боцуш къам хуьлуш цахилар. Къам хиларан коьрта билгало ю мотт. Дерригенан бух бу и. Мотт боцуш хуьлийла дац къоман культура, литература, оцу къоман шен г1иллакх. Иза д1абаьлча, лар ца бича, довш ду къам. Цунна масалш а дуьненахь б1еннаш ду.Шен ненан мотт халкъо, Сий ойбуш, 1алашбахь, цу халкъан паргато цхьаммо хьошур яц. Иштта яздина Мамакаев Мохьмада ненан меттах ляцна, оцу дешнийн маь1нех кхета хала дац. Шен парг1ато ца ларъелла къам леш ду, ткъа парг1ато ларъяран уггар нуьцкъала герз мотт лору автора. - Воккхаве со хьуна хуъчу кхечу къаьмнийн меттанех, хьайниг бицбеш, 1амо дезна уьш хьуна ца моьттинехь, - яздо Сулейманов Ахьмада. 

7-г1а классера дешархочо Гавдуханова 1айшата язйина сочинени: "Ненан мотт"Скачать

    Муьлха а мотт хаар дика ду, дуьненан культуран хазна ма ю иза. Цхьаццадолу меттанаш-м ца хиъча ца довлуш ду. Масла, Делан дин довза а, 1амо а, эхартан мулк гульян а оьшуш бу 1аьрбийн мотт. Оьрсийн мотт - кхоччуш ваьш дехачу Россин гражданаш хилла а, вешан лулахошца гергарло, белхан, г1уллакхан уьйраш лело а, дуьненан 1илманах кхиа а ца хиъча ца болу. Дика ду ингалсан, немцойн, французийн меттанаш хаар а. Амма поэтана т1аьххье ч1аг1дан дог1у, уггар хьалха шен ненан мотт хаа безар. 

10-г1а классера дешархочо Оздоева Азас язйина стихотворени: Тхан юьртара турпалхоСкачать

   Саидов Билала яздина: "Нена мотт цахаар-Шен кхерч цаларар ду, кхерчан да цахилар -Маьттаза вахар ду". Вайга весет санна декаш дека бевзаш болчу нохчийн поэтин дешнаш. 

 

 

     Иштта, дуьненна а вевзачу оьрсийн воккхачу  

яздархочо Л. Н. Толстойс яздина:

   "Нохчийн мотт уггар хазачу а, хьал

долчу а меттех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш

дика иза хууш велахь".

 

 Вай нохчий ду, ду - нохчийн мотт вай мел буьйцу. Цундела вайх х1ораннан а сийлахь декхар ду вешан ненан мотт ларбар. Амма мотт ша-шаха 1емаш бац, ша-шаха ларлуш а бац. Иза бийца беза шен чохь доьзалшца, арахь нахаца, 1амо, кхио беза, оцу маттахь йолу киншкаш ешарца, газеташ, журналаш яздарца.

9-г1а классера Джамаева Асета язйина сочинени: Сан ненан моттСкачать

Тахана вешан мотт 1амо цхьа а дуьхьало яц вайна.2007-чу шеран 25-чу апрелехь Нохчийн Республикан Президента, куьг яздеш, ч1аг1дина "Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь" долу НР-н Закон. Ч1ог1а мехала Закон ду иза. Россин а, Нохчийн Республикан а конституцешца дог1уш х1оттийначу оцу Законо, оьрсийн маттаца цхьатерра бакъо йолуш, пачхьалкхан мотт аьлла, д1акхакхош бу нохчийн мотт. Цундела цуьнан бакъо ма ю пачхьалкхан т1ег1анехь лелочу документийн, кхечу кехатийн мотт хилла лела и.

   Закон т1еэцна де (25-г1а апрель) Нохчийн Республикан Президентан указца Нохчийн меттан Де ду аьлла, д1акхайкхина а ду. Оцу акташца (меттанийн хьокъехь Закон а, Нохчийн меттан Де кхайкхоран хьокъехь Указ а) т1еэцарца республикан куьйгалло нохчийн мотт кхиорна, ларбарна, баржорна т1ехьажийна бечу белхашна шуьйра некъ ма белла. 

  Нохчийн яздархо Берсанов Хожа-Ахьмада яздо:"Мотт, духар, г1иллакхаш къоман сибат ду. И сибат лардеш верг ийманца ву, иза вуьззина нохчо ву, шен махкана хьакъ волу къонах ву. Меттан сий ца дечо шен ненан сий ца до. Ненан сий ца дечо мехкан сий дийр дац. Шен мехкан сий дан хууш воцчух къонах хир вац".

  

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,

Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.

Нагахь хьо вацахь хьан халкъацанна,

Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха ву.

                                 Ш. Арсанукаев